Умар Яричев


Къайле

Вайшимма дуьйцучух хIун хир ду техьа?
Экаме туьллуш ду безаман тIай.
Шерашкахь гIелъелла гIайгIанаш кхехьа,
Ойлано хедадо дахаран тай.

Вайшимма дийцанчух хIун хуьлу техьа?
Шеконо зуьйр ма дац тешаме дог.
Диехьене сатуьйсуш ма йийла сехьа.
Леррина баккхалахь хIора хьайн ког.

Вайшимма дийцанчух хIун хила техьа?
Бахлуш бу вайшинна къастаран мур.
Хетарехь, кIордийна гIалаташ лиехьо,
ГIелделла ма хета хьан бIаьргийн нур.

Ойлае, сан безам, мел йоца хилла
Хазачу дуьненчохь вай йоккху хан
Хийла стаг дIавахна, тоам ца хилла...
Мел доца, хаза ду вахаран гIан.


 






Сайт создан в системе uCoz