Умар Яричев


Сан мохк


Сан хьоме гIийла мохк, ахь соьга ала,
Стенгара схьакхечи хIара Iаьржа бала?
ХIун декхар дIалуш ю сан Соьлжа-гIала?
Сан хьоме гIийла мохк, ахь соьга ала.

Сан хьоме гIийла мохк, ахь суна дийца,
ХIун бахьнехь лаьмнийн хиш дIаийна цIийца?
Мила ву цу Делан Iожалла хийца?
Сан хьоме гIийла мохк, ахь суна дийца,

Сан хьоме гIийла мохк, нийса некъ леха
Хьан кIентий хьекъал а ца кхочу техьа?
Ойланаш ца луьстуш, хьо Деле беха?
Сан хьоме гIийла мохк, нийса некъ леха.

Сан хьоме гIийла мохк, ахь соьга ала
Замано бижор буй хIара Iаьржа бала?
Ницкъ хир буй хьан амат ирсаца кхала?
...Къинхетам бойла хьох цу Везчу Дала.


 






Сайт создан в системе uCoz